Нохчийн меттан де

25.04.2020

Нохчийн мотт- иза дахаран коьрта дакъа ду! Вайн оьздачу матто шена чулоцу къоман амал, цуьнан башхалла а. Iилманца дуьстича шира бух болуш, сов буьзна бу иза. Тахана Нана-Дегlастахь хезна а ца lаш, цуьнца къамеле буьйлу Кавказехь, Россехь, Гуьржийчохь, Урдун махкахь, Шемехь, Европехь а, иштта кхин йолчу пачхьалкхашкахь а. Дуьненан юккъарчу Цхьанатоьхначу Къаьмнийн Органицис гергарчу хенахь кхалха тарлуш бу боху Нохчийн мотт. Амма иза иштта хила таро яц боху хlора а вайн къомах волчо. Тоьллачу халкъан lилманан дайша, яздархоша, поэташ гуттара а баьрче доккху Нохчийчоь а, нохчийн мотт а бацахь - Нохчий а бац бохург! Вайн меттан де билгала доккхуш мехала агlо дlалаьцна мехкан урхалло. Вайн къомах дог лозуш, цуьнан кхане езаш кхелхинчу Нохчийчоьнан Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьажас (Дала гlазот къобалдойла цуьнан!) оьшуш бух биллира Нохчийн метта мехалла агlо билгала яккхарца. Тахана Нохчийн мотт Россин пачхьалкхан маттех цхьаl бу. Ткъа ишта цуьнан лекха сийлалла lедалан тlегlанехь ларъеш ю. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана даимана санна лаккара мах хадабо вайн къома меттан. Цуьнан тергонца аьтто баьлла иза кхиъ сов талла, тоьллачу барамехь мехалла а йовзита. Вайн меттан де - кхиъ цхьаl бахьана ду кхоччуш Нохчийн мерза къамелан lа вовше дистхуьлуш, кхечу меттанашца ца юцуш, сов цlена йаккха. Дала даимана а бахабойла нохчийн мотт! Дебийла иза, кхуьийла! Хуьлийла иза ша-тайпа хаза а, lилманца цхьана а, хlора а нохчочун сица а, кхетамца а! Махкахой, декъала до шу кху мехала денца!