Нохчийн меттан де

26.04.2018

Апрель    бутт болабелчхьана Ники-Хит1арчу юкъара  ишколехь д1аболийра нохчийн меттан денна лерина болу белхаш. Нохчийн меттан хьехархочо х1оттийнера нохчийн меттан денна леринчу, баттахь бан безачу белхан хьесап (план).

1-чу апрелехь дешархойн гуламехь довзийтира  апрелехь нохчийн меттан де хиларх лаьцна а, дийцира дан дезачу г1уллакхех лаьцна а. Билгалдехира х1ун тайпа къовсадаларш д1ахьур ду а.

20 – 21 –чу  апрелехь кхетош – кхиоран сахьташкахь массо а хьехархоша дийцира вайн къоман яздархойх, поэтех, иллиалархойх, актёрех лаьцна. Ткъа цхьаболчу хьехархоша йиллина мероприятеш а йира.

Къаьсттина лерина болх барна билгалбаха лаьа: шолг1ачу классан куьйгалхо Борзиева Мадина (2-чу класс). Цо д1адаьхьира « Ненан мотт – дахаран хазна» ц1е йолу классни сахьт. Иштта Абдурзаков Аюб (6-чу классан куьйгалхо) цо д1адаьхьира «Даймохк поэзехь» ц1е йолу классни сахьт. 

17–чу апрелехь д1абаьхьира нохчийн поэтийн Даймахках, ненан маттах лаьцна язйина байташ ешаран къовсам. Къовсам д1абаьхьира дешархой шина тобане бекъарца:

1-4 классаш, 5-11 классаш. Дешархоша жигара дакъалецира къовсадаларехь. Къовсадаларан тергамхоша: Вахаева Г.А., Тепсуркаева К.М., Косумов Р.А. лерина ла а доьг1на, жам1 дира къовсадаларан. 1-4 классийн тобанна юкъахь меттигаш иштта бекъабелира:

1-ра меттиг – Умарова Раяна;

2-г1а меттиг – Саламова Айдима;

3-г1а меттиг – Хажмурадова Рамнат.

5-11 классийн тобанна юкъахь меттигаш иштта бекъабелира:

1-ра меттиг – Абдулкадырова Танзила;

2-г1а меттиг – Арсанукаева Залина;

3-г1а меттиг – Сангараева Раяна. 

Хьалхарчу классан дешархошна къаьсттина меттиг белира. Къовсадаларан хьовсархоша шайгара лерина совг1ат. Билгалбехира къовсамехь тоьлларш, царна грамоташ елира.

Иштта апрель баттахь  ненан маттах  лаьцна язйинчу кхоллараллин белхаш т1ехь болх бира. Билгалбаьккхира дика кхоллараллин болх (Рукманов Адам 11-чу  классан дешархо) «Нохчийн мотт – сан ненан мотт». Цо к1оштан къовсамехь дакъалецира.

 

19-чу апрелехь д1аяьхьира нохчийн меттан денна лерина семинар. Семинаран хьесапца гайтира йиллина урокаш, кхетош кхиоран сахьташ, йийшира докладаш.

Хьалхарчу классехь, классан куьйгалхочо Башаева Зарганас, д1адаьхьира кхетош кхиоран сахьт «Нохчийн мотт - сан дозалла». К1орггера чулацам болуш, берашца беш болу болх тайп-тайпанчу, керлачу технологех пайда оьцуш болуш кечдина дара кхетош кхиоран сахьт.

Шолг1ачу классехь, юьхьанцарчу классийн хьехархочо Борзиева Мадинас, гайтира нохчийн меттан йиллина урок «Дар билгалдаран дешнаш». Урокехь хьехархочо лакхарчу т1ег1анехь д1абаьхьира дешархошца беш болу болх. Пайда ийцира тайп-тайпанчу г1ирсех: компьютерах, проекторах, интерактивни уьнах. Д1абаьхьира тобанашца болх. Хьовсархоша цхьабосса билгалдира йиллина урок хьехархочо дика кечам барца д1аяьхьна хилар.

Кхоалг1ачу классехь, юьхьанцарчу классийн хьехархочо Визирханова Джанетас, гайтира нохчийн литературан йиллина урок «Совг1аташ» (1.Гайсултанов). Урок д1ахьуш гучуделира, дешархойн хаарш кхоалг1ачу классехь лакхарчу т1ег1анехь хилар.

Нохчийн меттан а литературан а хьехархочо йийшира доклад: «Керла стандартийн лехамашца нохчийн меттан, литературин  урокаш».

Шен докладехь цо йовзийтира керла стандартийн лехамаша кхуллу урок д1аяхьаран керла кепаш. Коьрта цаьрна юкъахь, цо билгалйира текст «Соьцуш ешар», инсерт (билгалонашца ешар), кластер, синквейн х1оттор. Доцца аьлча иштта чулацам болуш яра тхан ишколера нохчийн меттан, литературан хьехархочо йина доклад.

Исбаьхьа хаза ду вайн мехкан 1аламан суьрташ. Нохчийн меттан денна лерина 16-24-чуй апрелехь ишколехь д1абаьхьира 1-9 классашна юккъехь пенагазет хазадилларан къовсам «Сан хьоме Даймохк». Массо а классаша жигара дакъалецира къовсамехь. Къовсамехь тоьлла класс билгалъян вовшахтоьхнера къовсаман тергамхой: Абдурзаков А.В., Вахаева Г.А., Косумов Р.С. Дерриге суьрташ теллинчул т1аьхьа жам1 иштта дара:

1-ра меттиг – уьссалг1а класс;

2-г1а меттиг – ворх1алг1а класс;

3-г1а меттиг - йолх1алг1а класс.

Дуьненан воккхачу яздархочо Л.Н.Толстойс нохчийн маттах лаьцна кху кепара аьлла: «Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхочуш дика иза хууш хьо велахь».

19-чу б1ешарахь ваьхначу Кавказан этнографа П.К.Услара нохчийн маттах лаьцна кху кепара яздина: «Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а и мотт шен г1оьнца адаман ойланаш - уггаре а к1оргера аг1онай йийцалур йолуш, ч1ог1а хьалдолуш бу.

23-чу апрелехь д1адаьхьира ишколехь нохчийн меттан денна лерина вовшахкхетар. Ч1ог1а говза сценарий х1оттийнера, нохчийн меттан хьехархочо Косумов Р.А., 11-чу классан куьйгалхочо Абдурзаков Ю.У.

Вовшахкхетар д1ахьуш вара нохчийн меттан хьехархо Косумов Ризван. Вовшахкхетарехь дешархоша беа тобане бекъабелла д1абаьхира йиъ номинацехь къовсам. Вовшахкхетарехь гулбеллачаьрна хезира дуккха а нохчийн г1арабевллачу яздархоша язйина байташ. Вайн къоман юьхь, оьздангалла гойтуш лекхира дуккха иллеш. Вайн къоман юьхь гойтуш, оьзда ду вайн нохчийн хелхар а. Хьовсархойн дог ир-кара  х1оттош, ладуг1учеран ч1ог1а самукъадоккхуш, нохчий шира хелхарш гайтира дешархоша. Нохчийн шира г1иллакх гойтуш гайтамаш гайтира. Хаза, ладуг1учуьнга ойла йойтуш илли «Даймохк» д1аэлира Бадаев Асланбека. Тергамхоша лакхара мах хадийра бинчу белхан жам1 деш.

24-чу апрелехь к1оштахь д1адаьхьира нохчийн меттан денна леринчу к1оштан даздаршкахь жигара дакъалецира тхан ишколан белхалоша: Бадаев Асланбека, Абдурзаков Юнуса.

К1оштан массо а ишколан дешархоша лерина кечам бинера оцу денна. К1еззигчу хенахь жима юрт йиллира ишколийн, оьздангаллин ц1ийнан белхалоша оцу майданахь. Массо х1усам а яра хьалхалерачу заманан хот1ца йина. Яханчу заманахь вайнеха лелийна духарш дуьйхина кечбина дешархой, х1усамашкахь лелош хилла шира йийбар, мерзачу чомехь кечбина вайн къоман кхачанаш и дерриг гайтира к1оштан хьехархоша а, дешархоша а. Оцу г1уллакхна лерина кечам бинера оха а. Иза гуш дара х1оттийначу х1усаме а, цу чохь долчу хьоле хьаьжча а. Оцу дийнахь нохчийн маттана денна леринчу бинчу  белхийн жам1 дира к1оштан администрацис. Бинчу белхан лакхара мах хадийра цара. Тайп-тайпанчу совг1аташца, грамоташца билгалбехира къовсадаларшкахь толамаш баьхна дешархой а, хьехархой а.

26-чу апрелехь ишколехь д1аяьхьира «Нохчийн меттан Денна» лерина линейка. Линейка йолош йистхилира ишколан куьйгалхо Хакиева З.Б. Цо шен къамелехь берийн тидам т1ебохуьйтуш элира нохчийн маттах дош. 25 апрель Нохчийн Республикан Президентан Указца «Нохчийн метта Де» аьлла, д1акхайкхина ду. Мотт, духар, г1иллакх - къоман сибат ду. И сибат лардеш верг ийманца ву, иза вуьззина нохчо ву, шен мехкан хьакъволу къонах ву. Меттан сий ца дечо, шен ненан сий ца до. Ненан сий ца дечо, шен мехкан сий дийр дац.

Линейкехь д1адаьхьира нохчийн меттан денна лерина болчу белхаш т1ехь жигара дакъалаьцначу дешархошна а, хьехархошна грамоташца совг1аташ далар.